ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламхошна телефонерчу хаамех пайда эцар дихкина Iамеркан Лаккхарчу Кхело


Iамеркан Лаккхара Кхел.
Iамеркан Лаккхара Кхел.

ЦӀийнах хьажа елла бакъо а йоцуш, бакъо яц мобилан телефонан долахо мичахь хилла бохучух лаьцна хаамаш Iедалан хьукматашка дIабала. Цу хьокъехь сацам бина Мангал-беттан 22-чу дийнахь Iамеркан Лаккхарчу Кхело.

Долахь долу хIума хьадан йиш яц аьлла хетачу нехан толам бу и вердикт, билгалдоккху "Iамеркан аз" зорбанан портало.

Кхаж тесча Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лаккхарчу Кхелан 5 суьдхо реза а волуш, ткъа 4 дуьхьал а волуш сацам бина, низамаш лардо органашкахь цӀийнах хьажа елла бакъо хила еза, телефонах пайдаэцархо лелла меттиг къастош, телефонан компанешкарчу хаамашна тIекхача, аьлла.

Цу тайпачу хаамех даиман а пайда оьцуш Iедал ду талламхоша шаьш бехктакхаман гIуллакхаш толлуш.

Лаккхарчу Кхелана хетарехь, иза лара мегар ду Iамеркан Конституцин 4-чу тIетохаро дихкина долу бакъо йоцуш цӀийнах хьажар санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG