ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакаевн верас хила кийча ву Украинин депутат Чубаров


Бакаев Iела.
Бакаев Iела.

Нохчийчохь Росгвардина тIелетар деш дакъалацарна бехке веш волчу Невран кIоштарчу 25 шо долчу Бакаев Iелина, цуьнан верас а хилла, тIехIоьтта кийча хиларх лаьцна дIахьедар дина ГIирмерчу гIезалойн Меджлисан куьйгалхочо, Украинин Лаккхарчу Радан депутато Чубаров Рефата. Цунах лаьцна кехат хьажийна цо Киеверчу кхеле, хаам бо цу кехатан копи кхаьчначу Кавказ.Реалиино.

Чубаровна хетарехь, Бакаевна тIаьхьадаьлла Оьрсийчуьра Iедала политикан бахьанашца.

Росгвардина тIелатар дина хиларна, шеконашкахь латточу Бакаевс Украинан миграцин хьукмате политикан тховкIело йоьхуш, дехар дина. Маршо Радионе цунах лаьцна хаам кхачийна, Киеверчу Лукьяновскан СИЗО-хь латточу Бакаевс.

Бакаевн гIуллакх дIадахьар шена тIелаьцна ООН-ан мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу урхаллан "Iалашван бакъо" цIе йолчу партнеро-организацис.

Нохчийчуьрчу Росгвардин тIеман декъанна тIелатар дарна бехкево Бакаев Iела Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша.

Стохка дуьйнна Каирехь ваьхна, Киевн гергарчу "Борисполь" аэропорте кхаьчча ши бутт хьалха дIалецира Бакаев. Цуьнан хIусамнана а, бер а дуьхьало а йоцуш Украине чудитира.

Невран кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар динера стохка бIаьста. Полисхоша чIагIдарехь, Нохчийчуьрчу 6 вахархочо динера и зулам. Росгвардин 6 эскархо вийнера хIетахь, кхаанна чевнаш йинера.

Иштта, официалан версица, тIелатар дина ялххе а вийнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG