ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIеххьана охьаяьлла Путинан рейтиг


Путин Владимир.
Путин Владимир.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран рейтин цIеххьана охьаяьлла тIаьхьарчу месех кIиранах. Иза гойтуш бу социологаша бина талламаш.

Юкъараллана хетарг толлучу ерригоьрсийчоьнан центро (ВЦИОМ) бинчу хаамца, Мангал-беттан 10-17 деношкахь таллам бича гучудаьлларг ду Путине болу тешам лахбелла хилар 77 тIера 72 % кхаччалц.

Оццу кIиранах таллам а бина, "Юкъараллин ойла" Фондо далочу терахьашца, Путинехьа кхаж таса кийча болчу нехан терахь лахделла 62% тIера 54% кхаччалц.

Социологашна хетарехь, Путинан рейтинг охьаялар доьзна ду Iедало пенсе воьду хан тIетохар юьхьарлаьцначу планашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG