Туркойчохь хенал хьалха дIабоьлхуш бу президентан а, парламентан а харжамаш. Иза дуьххьарлера кхаж тасар ду цу пачхьалкхехь, референдум а йина, мехкан конституцина тIехь хийцамаш бинчул тIаьхьа. Цу хийцамийн Iалашо яра президентан бакъонаш шоръяр.
Туркойчохь схьайиллина ю 180 эзар харажаман куп.
Президентан харжамашкахь, тола мегаш ву аьлла, билгалваьлла ву карарчу хенахь цу даржехь волу ЭрдоIан Реджеп. Амма шолгIачу муьре валаре дог дохийла дуьсуш ву цуьнан коьрта дуьхьалонча Халкъан-республикан партин кандидат Индже Мухьаррем.
Шоьтан дийнахь, харжамаш дIаболабала дисна цхьа де а долуш, дуккха а адамаша дакъа а лоцуш, митинг вовшахтуьйхира цо Истанбулехь. Инджес чIагIдарехь, цу акцехь дакъалоцуш вара 5 миллион гергга стаг.
Ша толам баккхахь махкахь Iедал хийца гIоьртинчул тIаьхьа кхайкхийна чолхе хьал дIадоккхур а ду, махкахой бекъаран политика сацор а ю аьлла шен агIончашка Инджес.
ЭрдохIан Iедалан коьртехь волу ду 15 шо. Дуьххьара иза вара премьер-министр, ткъа 2014-чу шарахь дуьйна – президент.
Верриг а Туркойчоьнан президентан дарж къовсуш ву 6 кандидат. Цуьнца цхьаьна махкахь дIахьош бу парламентан харжамаш. Уьш дIаболабалале бинчу талламашца парламентехь алссам меттигаш дIалаца мегаш бу ЭрдохIанан агIончаш. Амма церан ца хила мега цигахь дукхалла.