ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берийн дастаме сурташ латторна чувоьллина католикийн мозгIар


Италера мозгIар а, дипломат а Капелло Карло Алберто, пхи шо хан а тоьхна, чувоьллина берийн дастаме сурташ латторна, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо, ББС-на тIе а тевжаш.

Капелла къера хилла шен бехк хиларна. Ватиканерчу суьдехь цо дийцина, Вашингтонехь Ватиканан векал волуш кризис иккхинера шен дахарехь аьлла.

2017-чу шарахь Марсхьокху-баттахь Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто хаам бина хилла Ватикане, цуьнан дипломатин миссин декъашхо берийн даьхна дастаме сурташ латтош ву аьлла. Кхин а масийтта кIира далале Iамеркан Iедалша дехар дина Капеллин дипломатин корта-мукъалла дIадаккха аьлла. Ватикано иза дечу меттана Риме цIакхайкхийна шен векал.

Тешо дийцарехь, Капеллан электронан гIирсаш толлуш карийна 40 сов лело магийна доцу берийн сурт а, ткъа иштта беро дакъалоцуш яьккхина дастаме видео а.

Шена дина таIазр мозгIаро токхур ду Ватиканан полицин урхаллехь йолчу жимачу набахтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG