ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампан зорбанан секретар араяьккхина ресторанера


Iамеркан президентан Трамп Доналдан зорбанан секретар Сандерс Сара.
Iамеркан президентан Трамп Доналдан зорбанан секретар Сандерс Сара.

Iамеркан президентан Трамп Доналдан зорбанан секретар Сандерс Сара а, цуьнан доьзал а арабаьккхина пIераскан сарахь Вирджини штатехь Лексингтон гIаларчу Red Hen ресторанера. Цаьрга цу кепара дехар динарг ю цу хIумакхоллучу чоьнан долахо Уилкинсон Стефани.

Цу кепара ресторанан долахочо ша реза ца хилар гайтина Трампан администрацино дIахьочу политикана. Цу зудчунна хетарехь, Сандерс болх беш ю "адамалла доцчу оьзда йоцчу тобанна", яздо Washington Post газето.

Red Hen ресторанехь динарг нийсонан бакъо яйар хилар билгалдоккху критикаша. Зорбанан гIирсаша яздарехь, ресторанан долахочо дуьйцу, шен белхахой гейш бу, ткъа уьш реза бацара Трампа цу тайпачу нахана армехь гIуллакх дар дехкарна, бохуш.

"Фейсбукерчу" ресторанан агIана тIехь яздийриг тидаме эцча, цуьнан рейтинг охьаяьлла. Цхьана зудчо комментари йитина "Суна сарахь Red Hen ресторанехь хIумакхоллуш гира мел кIоршаме къамел дира Сандерсе. Цу хиллачо Iадийнера со, дог карчийра сан. Кхин цкъа а хIумакхоллур яц ас цу ресторане а яхана" аьлла.

Сандерс Сарас комментари йитина твиттерехь "цо <Уилкинсона=> лелийначо цуьнах лаьцна алсам дуьйцу, сох дуьйцучул а" аьлла.

ТIаьхьарчу хенахь Iамеран Iедалш критика ловш ду, мигранташца доьзначу хаттарехь цара дIахьон политика бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG