ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчуьрчу президентан харжамашкахь толам боккхуш ву ЭрдохIан


ЭрдохIан Реджеп.

Туркойчохь хенал хьалха хиллачу президентан харжамашкахь толам боккхуш ву карарчу хенахь цу даржехь волу ЭрдохIан Реджеп. 20 процент бюллетенаш дагардинчул тIаьхьа цо гулдина 60 процент гергга кхаьжнаш, яздо Кавказ.Реалиино, "Медуза" зорбанан гIирсана тIе а тевжаш.

ЭрдохIанан коьртачу дуьхьалончо Индже Мухьаррема гулдина 27 процент сов кхаьжнаш. Иза ду харжамийн шолгIа мур хир бац бохург.​

Парламенатн харжамашкахь толам боккхуш бу ЭрдохIанан агIончаш.​

ЭрдохIан Iедалан коьртехь волу ду 15 шо. Дуьххьара иза вара премьер-министр, ткъа 2014-чу шарахь дуьйна – президент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG