ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Салахь юкъара дIавала лууш ву Мисаран къоман футболан тобанна


Салахь Мохьамед.
Салахь Мохьамед.

Мисаран футболан тобанан декъашхо Салахь Мохьамед юкъара дIавала дагахь ву цу мехкан къоман тобанна, хаам бо CNN телекомпанино.

Салахьна юххерчу хьастано дийцарехь, жима стаг догдоьхна ву ша Нохчийчохь яьккхинчу хенах политика хьакхаяларна.

Кху кIиранах Кадыров Рамзана Мисарара футболхой базбеш той хIоттийра Соьлж-ГIалахь, Салахьна Нохчийчоьнан лараме махкахо цIе а туьллуш. ГIуллакх цу хорша дерзарна кийча ца хилла спортхо.

Футбол а йоцуш кхечу агIор шех пайда эцийта лууш вац иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG