ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭрдохIана дIакхайкхийна ша толам баьккхина хилар


ЭрдохIан Реджеп.
ЭрдохIан Реджеп.

Туркойчохь хиллачу президентан а, парламентан а харжамашкахь дагардина 96% кхаьжнаш. Толам боккхуш ву карарчу хенахь цу даржехь волу ЭрдохIан Реджеп - 52%. Цо дIакхайкхийна ша толам баьккхина хилар.

ЭрдохIанан коьртачу дуьхьалончо Индже Мухьаррема гулдина 31% кхаьжнаш.

Парламентан харжамашкахь ЭрдохIанан Нийсонана а, кхиаран партино гулдина 42,49% кхаьжнаш.​ Парламентехь цо дIалоцур ю 293 меттиг. Къоман боламан партин цIарх хаьржина 49 депутат (11,19%). Ерриг а "Халкъан альянсо" дIалоцур ю 342 меттиг.

Верриг а Туркойчоьнан парламентехь ву 600 депутат.

XS
SM
MD
LG