ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дакаев СаIидбек. Ас хIинца ца олу...


Дакаев СаIидбек

АС ХӀИНЦА ЦА ОЛУ...

Ас хӀинца къехкайо
Безамах юьйцина байташ. –
БӀаьстенан зезагаш
Ца довлу шийлачу лай тӀехь.
Дагах чекхтийсалуш,
КӀур бина лайн ченаш хьоькхуш,
Ӏуьйрено сан лерехь
Сагатдеш, шийла мох лоькху.

Ас хӀинца цхьаьнгга а
«Хьо езаелла» – ца олу;
Кхерачу безамна
Петухий, со генаволу.
Ойлано шеконийн
Дахкарлахь цадевзарш оьхьуш,
Къайленга левчкъина,
Гуш йоцу кханенаш оьхьу…

Гена юкъ йиллинчу
Сайн некъан йозанаш доьшуш,
Ойланийн биллинчу
БӀаьргашца со юхахьоьжу.
Сайн шуьнехь чам тайна,
Мел догӀу вуон-дика муьйлуш,
Сайца йорт йиттинчу
Дахарна дохко ца вуьйлу…

XS
SM
MD
LG