ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дакаев СаIидбек. ГIалгIайн къоме


Дакаев СаIидбек

ГӀАЛГӀАЙН КЪОМЕ

Хедар йоцу уьйраш йозаелла,
Шу-м йижарий, сан вежарий дай. –
Марзонашца вовшех тийсаелла,
Цхьана дегӀан меженаш ю вай.

ГӀалгӀайн къоме, хӀокху гӀалгӀайн лаьтте
Кхоллабелла безам сацалац.
Хьаам боцуш, хийла деган готтехь
Шун уьйрашка сатийсина ас.

Ираллийца, ирсан генаш цоьстуш,
Вайга кхийдош лелла хийла харц.
Эзар шерийн еха зама юстуш,
Вайн доьналла дохаделла дац.

ПаргӀатволу, сайн хӀусамехь санна,
ХӀокху гӀалгӀайн махка кхаьчча со.
Деган марзо алсамъюьйлуш денна,
Шалхо йоцу ойла хьаало.

Дуьне дохарх, къаста таро йоцу
Цхьана дегӀан меженаш ю вай.
Везчу Дала латтадойла доца,
Вайна юккъехь хоттаделла тӀай!

XS
SM
MD
LG