ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:02:21 0:00
Линкана тIе

Абдулаев Леча

Ойланаш, ойланаш

Ирс - БIарлагI

Тхов тIехь жайна долу кибирчиг. КIайн кира тоьхна лоха цIа. Сийна басар хьаькхна гIурашца къовлу «неIарш» йолу кораш. Еха учи. Юьйцина керт. УьйтIахь бай. Акказин патарш цIийзош хьоькху дуткъа, ира мехаш. Когех эха Iемина кIохцалш. Iуьйрачу когийн нана пIелгаш дIадеттадала Iемина урам-некъийн йистошкара коьллаш хьекхна бухайисна юьхкаш. ТIера хIума ятIо дIайоьлла юьйцинчу кертийн хьокхий. Шишша цхьаьна йоккхуш, хазчу жимчу йоьIан лергех охкийта цIийлуш хилла баьллаш. Шуьга, берашка, кегийчу кIенташка, шех бустамашший, шаьлтий-доьхкий дайта кхуьуш хилла сугIа. ГIундалгIийн куллах маса «дин» балун хан. И текхош, гIиттийна некъан чан.

Къаршкъули хIара ю,
ДогIа даийта, Дела.
ХIай-вай, кIентий,
Даьттан чохь йоькаш, –

олий, догIа «доуьйтуш»…

Малх, малх хьажийта,
Къийган бIаьрг балийта,
Хьозан хье кхехкийта,
Дехкан корта лазийта,
Жуьгтийн молла валийта, –

олий, малх «хьожуьйтуш»…
Комарш а юий, лийча воьдуш.
ЦIа вирзича а, чу верза цакхетар, ткъа эххар а чу вирзича, цу хьайн даккхийчу гIуллакхашна гIаролехь лаьттина, когаш Iуьйра дийнахь сарралц царна
хьаьддий-веддий лелла, дукха чIогIа хIоттарна, генарчу некъо гIелвина динахь волушшехь набкхета динбери санна, дIатаьIIинчохь, хьеначу набаро хьо лацар.

Оцу хенан:
«ХьалагIатта, куьг-ког дилий, вижа, хIума яий, вижа!» – бохуш, нанас хьо меттахваьхна и набарх долчун а, самах долчун а шеддаш хуьлу, шеддаш хеда мIаьргонаш…


Дилинчу милт йолчу чиркхан шишанахь санна, серладаьллачу цхьана бIаьстенан дийнахь ненан кучах тасавелла вогIу хьо, хьайн ойла шайна уллешха яьлла яхначу лулахойн кхеначу йоьIан дашочу кIажаршна тIаьхьа яьлла хIунда яха, ца кхетта хан…


Ахь хIетахь ирсан ойла ца йора.
Хьуна хIетахь, «ирс» боху дош дуй а, ца хаьара.

Абдулаев Леча

Леча Шарипович Абдулаев (1953, Чиллан-беттан 15 - гIа де ) — нохчийн яздархо, поэт, публицист, гочдархо, Нохчийн Республикан а, Оьрсийчоьнан а яздархойн Кхеташонан декъашхо, Нохчийн Республикан а, ОЬрсийчоьнан журналистийн Бертан декъашхо, Нохчийн Республикан Халкъан поэт.

XS
SM
MD
LG