ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дакаев СаIидбек. Ма-дарра аьлча...


please wait

No media source currently available

0:00 0:00:48 0:00
Линкана тIе

Дакаев СаIидбек
Ма-дарра аьлча...

Хьуо хьайна йисина,
Ойлане ладегӀа яьлча,
Цхьа наггахь, цӀеяккхий,
Со дагаваийталахь.
Хьагбелла сатийсам
Базбелла, совбала боьлча,
Сакъуьйлу сингаттам
Хьасталой, хьаийталахь.

БӀаьстенан зезагех
Хьаьрчина, яьржинчу арахь,
Ког байбеш, йолайой,
Ӏаламе бӀаьрг тохалахь.
Мотт сецна, бӀарлагӀа
Хилла, со юьхьдуьхьал вагӀахь,
ЦӀеххьана, хьой йолчохь
Лацалой, ма йохалахь.

Шовда хьан когашкахь
Шабаршца мотт бийца даьлча,
СапаргӀатдаккхалахь,
Хьай дагна сох дарба дай.
Дуй баа, хьо саннарг
Со а ву, ма-дарра аьлча,
Кийрара сахаддалц
Безамо вацийна лай…

Нохчийн поэт, яздархо Дакаев СаьIидбек (65 шо).

Авторш

XS
SM
MD
LG