ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дакаев СаӀидбек. Iаламан ловзар


Дакаев СаӀидбек. Iаламан ловзар

Зазашлахь кечъелла,
БӀаьстено говза,
Шуьйра тӀам баржийна,
Ког шершабо.
Ӏаламо той дина,
ХӀоттийна ловзар,
Ца кӀордош, дезалой,
Сакъерало.

Беттаса, Ӏаьржа тӀам
Шовданчу туьйсуш,
ГӀоргӀачу шабаршка
ЛадоьгӀуш Ӏа.
ГӀо лаьцна, денделла,
ГӀа-маргӀал луьйсуш,
Мерзачу хӀавао
Кхерстайо Ӏаь.

Хьун-тогӀи Ӏадийна,
Олхазарш дека,
Зевнечу эшарех
Дог Ӏабадеш.
Генара гуш болчу
Ламанан некхах
Юрт тийжа, серлонаш
Меттаххьееш.

Ӏаламан майданахь
БӀаьстено говза,
Гуо туьйсуш, хелхаран
Ког шершабо.
Ӏаламо той дина
ХӀоттийна ловзар
Дезалой, ойланийн
Сакъерало…

XS
SM
MD
LG