ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамийн комиссино тIечIагIдина Эрдоган толар


Туркойчоьнан харжамийн комиссин куьйгалхочо Гувен Садис кхайкхамбина хенал хьалха дIабаьхьначу президентан харжамашкахь пачхьалкхан президентан декхарш кхочушден Эрдоган Реджеп тоьлла аьлла. 97, 7 процент дагардинчу бюллетенешлахь Эрдоганна кхаьчна 52 процент кхаьжнаш.

Официалехь толамбаккхарх дIакхайкхор ду тIедогIучу пIераскандийнахь, хаамбина "Настоящее время" хьостано.

Харжамашкахь дакъалаьцначу Индже Мухарремна 30 процент кхаьжнаш кхаьчна. "Харжамаш нийса бацара, амма хIетте а Эрдоган толар тIеоьцу ас", - аьлла цо.

15 шо ду Эрдоган Iедалхойн куьйгаллехь лаьтта – юьхьанца премьеран даржехь, ткъа 2014-чу шарахь дуьйнна президенталлехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG