ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело юхатоьхна Титиевн дехар


Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело дуьхьало йина, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочунна дуьхьал айдинчу гIуллакхан хьокъехь леринчу юридикан экспертизано бинчу талламийн жамIаш материалашна юкъадало.

Оьрсийчоьнан президентехула йолчу адамийн бакъонашаш ларъечу Кхеташоно (СПЧ) тIедилларца, юридикан говзанчаша йина экспертиза Титиевн адвокате Заикин Петре дIакхачийнера СПЧ-н куьйгалхочо Федотов Михаила.

Экспертийн сацам тIехь яздина ду, Титиевн дехарца дIаяьхьна экспертиза озабезаме а, хьакъ ма-дду йина а яц аьлла. Дуьйцург ду, ша Титиевс ша дIалаьцначу полисхошна дуьхьал бекхтакхаме гIуллакх даккхар дехар.

Кху шеран Дечкен-баттахь дIалецира Титиев. Марихуана чохь йолуш тIоьрмиг карийна аьллера цуьнан машенчохь. Оцу юкъанна бакъонашларъярхочун машенах шозза хьовсу ницкъахой: цкъа тешаш боцуш, юха тешашца. И факт полисхойн декъехь хIиттийначу камераша дIаязъян езаш яра, амма полицин хьаькамаша цу дийнахь камераш болх беш яцара аьлла, дуьхьало йира гайта.

Дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхоша Титиевна дуьхьа даьккхина гIуллакх бух боцуш ду, иза маьршаваккха аьлла, тIедожийра Нохчийчоьнан Iедалшна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG