ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чемпионат бахьанехь ГIалгIайчу эха бевлла кхечу пачхьалкхашкара туристаш


Кху шеран дуьненан футболан чемпионат бахьанехь кхечу пачхьалкхашкара чуоьхучу туристийн терахь лакхадаьлла ГIалгIайчохь. Махкарчу туризман комитетан куьйгалхочо Хамхоев Беслана бина и хаам.

"Республике оьхуш бу дуккха а кхечу пачхьалкхашкара туристаш. Кхуза ван луучо интернетехула хаамбан беза тхоьга, оха бакъо лур ю. Чемпионат цхьана баттахь бен хир йоцу дела, оха дехар динера кехаташ доху процедура яцъяхьара аьлла", - аьлла ТАСС агенталлен Хамхоевс.

Регионехь туристаша садаIа къастийначух ю коьрта центр – "Армхи".

Хамхоевс бинчу хаамашца, шо доладелчхьана 50 эзар турист чекхваьлла ГIалгIайчухула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG