ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла премьер-министр вовзийтина Кадыровс


Соьлжа-ГIалин 46 шо долу мэр Хучиев Муслим премьер - министр хIоттош ша куьйгъяздарх дIахаийтина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Телеграм - каналехь. Республикан парламенто хьалхо тIечIагIйинера Хучиевн кандидатура.

"Иштта ас омра дина Тумхаджиев Iийса Хучиевн хьалхара гIовс хIоттош, ткъа шен лаамехь и дарж охьадиллина Закриев ИбрехIима", - яздина Кадыровс.

2012-чу шарахь дуьйнна премьер-министр лаьттина Эдельгериев Абубакар дахначу кIиранах Оьрсийчоьнан президентан хьехамча хIоттийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG