ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков: Путина тергал ца йо шен рейтинг


Кечъен пенсин реформа бахьана долуш шех тешам лахбаларна саготта буй Кремлехь аьлла шега хаьттича, Путин Владимира тергам ца латтабо шен рейтинг хийцаяларна тIехь аьлла президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Пачхьалкхан Iедалхоша пенси воьду хан тIетохар - "Iаламат социалан-резонансе тема ю", амма "Путин шен рейтинге цкъа а юха ца хьоьжу" аьлла Песковс. "Халкъана луург цунна массо хIуманал а деза ду", - аьлла пресс-секретаро.

Кху баттахь министрийн кабинето пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийна Оьрсийчохь пенси боьлхучийн хан ойбуш. Зударийн 63 шаре бевлча пенси баха бакъо ю, ткъа божарийн 65 кхаьчча.

Оцу низаман дуьхьал change.org сайт тIехь петицина куьйгяздира ах миллион вахархочо, ткъа социологаша Путинан рейтинг цIехьашха йожар дIакхайкхийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG