ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхело 20 шо кхачо тарло Шемара цIаялийначу зудчунна


Москохарчу тIеман кхело листа долийна Дагестанера схьаяьллачу яхархочун Будайханова Викторина дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх. Иза бехкейо "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхетарна.

"Ас къаро йо суо бехкехиларна: тIамтIехь яхарна а, шозза цигахь марех яхарна а, сайн хиллачу цIийндайшна юург-мерг латторна а, амма кхиболчу даIишхошна ас лоьралла ца лелийна", - аьлла кхелахошка Будайхановас, яздо "Интерфаксо.

Ницкъаллийн структурийн белхахойн версица, 2014-гIа шо юккъе даьлча дуьйнна стохка гурралц Будайханова Шемахь хилла ю. Цо байIат дина а хилла тобанна, герз кхоса а, лоьлхуьйтурш лело а Iамон лерина курс чекхъяьккхина а хилла цо.

22 шо долчу жимчу зудчунна 20 шо хан кхайкхо тарло. Прокуроро дийцина кхелехь, Будайханова стохка Шеман пачхьалкхан эскархойн караяхана хиллера, цул тIаьхьа Оьрсийчоьне цара схьаелира иза аьлла.

Стохка гурахь Соьлжа-ГIала кхачийра кеманца Будайчиева шен йоIаца. Цигахь лаьцна ХIинжа-гIала дIайигира иза, цул тIаьхьа Москох кхачийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG