ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ювелиран хIуманаш яьхна Туркойчуьра йогIучу нохчийн зудчуьнгара


Соьлжа-гIаларчу аэропортехь лаьцна Туркойчуьра Нохчийчу 6 кила ювелиран хIуманаш йохьуш йогIу махкахо. "Истанбулера Соьлжа-гIала догIучу кемана хиинчу зудчуьнгара 1169 дешин, датон зударийн кочаухкурш, мухIарш, чIагарш яьхна дозанал арахьа йоккхучу тIера ял оьцучара. Деклараци тIехь билгалъяхазчу мехалчу хIуманийн йозалла 6 кила хилла", - аьллачу Минералан Хишкарчу дозанхойн пресс-гIуллакххойн дешнаш даладо ТАСС агенталло.

Зудчо даредарехь, шен гергарчу нахана совгIатна яла а, даймахкахь йохка а Iалашонца йохьуш хилла цо уьш, амма чекаш тIехь ца хилла. 8 эзар долларшкахь мах бу зудчуьнгара яьхна, экспертизе яхьийтинчу ювелиран хIуманийн.

Лаьцначунна 100-500 соьма тIе кхаччалц гIуда догIу я ши шо гергга набахтехь яккха хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG