ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кенхехь ворхI шо долу кIант хино ваьхьна


Нохчийчуьрчу Шарой кIоштарчу Кенхехь шен цIенна гена доццучу хи чу вахна велла 7 шо долу кIант. Махкарчу Талламан комитето билгалдаккхарца, республикехь дахначу кIиранах кхин а кхо бер делира оццу бахьанашца. Бохам зен буьйлабелла талламчаш.

Шен накъосташца цхьаьна хин йистехь ловзучу заманчохь, галваьлла, хи чу воьжнера кIант. Гергахь воккханиг цахиларна, кIелхьара ваккха аьтто ца баьлла иза. Бохам хиллачу меттигна 200 метар генахь карийна кIентан дакъа.

Маршо Радионо яздира, Шелан кIоштарчу БелгIатахь бархI шо долу кIант эвлан йистерчу Iома чохь луьйчуш хи чу вахарх.

Оццу дийнахь цу тайппа бохам хилла Ноьвран кIоштарчу Капустинехь а. 10 а, 11 а шераш долу ши кIант хино ваьхьира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG