ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохийчохь вийначу шина полисхочун сий дийр ду Саратовн Iедалхоша


Соьлжа-ГIаларчу килсана гIаттмахоша динчу тIелетарехь вийначу Саратоверчу шина полисхочун Рахметов Кайратан а, Горсков Владимиран а цIераш дагахьлаттийта гIалин Толаман паркехь тIемашкахь эгначу меттигерчу бахархошна хIоттийначу чуьрта тIе язйийр йолуш ю карабогIучу беттан 1-чу дийнахь. Саратовн кIоштан чоьхьарчу политикан, юкъараллашца лелочу юкъаметтигийн министраллан пресс-секретаро Волшаник Анжелас бина и хаам. Цо билгалдаккхарехь, оцу дийнахь беллачийн доьзалашна совгIаташ дIакхачор ду.

Стигалкъекъа-беттан 19-чохь Соьлжа-ГIаларчу Архангел Михаилан килсана тIелеттера 18-19 шераш долу виъ вахархо. Цу дийнахь вийра ши полисхо, кхин а шинна чевнаш йира.

ТIелетта кхоъ Нохчийчуьра вара, цхьаъ ГIалгIайчуьра. Соьлжа-ГIаларчу медицинан колледжехь доьшуш а хиллера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG