ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Би-би-си": Нохчийчуьрчу Iедалан коьртехь Кадыровн 158 стаг


Оьрсийн "Би-би-си" гIирсан журналисташа багарбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iедалан урхалле хIиттийна цуьнан гергара нах. Нохчийчоьнан урхаллан йоллу система бохург санна йоьзна ю Кадыровца а, цуьнан гергарчаьрца а.

"Би-би-си" хьостан статистикаца, Нохчийчуьрчу 158 баккхийчу хьаькамашлахь 30 процент Кадыровн гергарнаш бу, 23 % юьртахой, ткъа йисина 12 процент дIалаьцна куьйгалхочун доттагIаша а, церан гергарчара а. Ша Кадыровс а къайлахьош дац, жоьпаллин даржашка шен "хьомсара вежарий" ша хIиттош хилар.

Журналисташа билгалваьккхина низамаш кхуллучу Iедалехь а, ницкъаллийн структурашкахь а, регионехь лелочу бизнесехь а волу 18 стаг.

Царлахь 8 Кадыровн доттагI, кхоъ гергара стаг, шиъ Хоси-Юьртара. Уггар а Iаткъамечу даржхошлахь Кадыровна тIаьхьа вогIу пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам, парламентан спикер Даудов Мохьмад, СОБР "Терекан" командир Висмурадов Абузайд а. Уьш берриш а Кадыровн уллора доттагIий бу.

Ницкъаллийн структурашкахь лакхарчу даржашкахь ву мехкан куьйгалхочун виъ юххера доттагI, исс цуьнан юьртахо, шиъ йишин кIант, Кадыров Ахьмадан хилла накъостий, Делимханов Адаман гергара нах а.

Министрийн кабинетан а, парламентан а лаккхарчу даржашкахь волчу 73 декъашхочух 19 Кадыровн гергара ву, 14 цуьнан эвлара стаг ву.

Финансаш а ю Кадыровн гергарчу наха дола деш. Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президент ю Кадыров Рамзанан нана Кадырова Аймани, ткъа цуьнан вице-президент – Кадыров Рамзанан хIусамнана Кадырова Медни.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG