Масех шо ду Алиева Марем ХIинжа-ГIалара Москох дIакхелхина. Амма де а ца долу цо даймохк бицбина – ша духаран дизайнер хиларе терра, кхуллу, даржадо Дагестанерчу зударийн духар. "Кавказ.Реалиин" дехарца Марема доцца дийцира ша кхоьллинчу кучамех лаьцна.
Дагестан: Бес-бесара зударийн кучамаш
9
Арайолуш духу йоьIан духар даьккхина хуьлура бустамех, дешех, детех
10
Коьртахь лелайора дугмаче, чухта, лергахь - детин хьалкханаш, кучамашца - тIетегна ахча, доьхка, пхьаьрсахь – хIазарш, пелгахь – мухIарш
11
Дагестанерчу иттанаш къаьмнаша лелийна шайн-шайн бен а доцу духар, духарца девзара къам, юкъара битамаш белахь а
12
Кучамаша гойтура муьлха къинхьегам, корматалла ю къомана карайирзина, цо муьлха болх биллина бо, духаро гойтура зуда, стаг стенгара ду