ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

10 эзар вахархочунна дихкина Оьрсийчуьра аравала


Махкара 10 эзар сов вахархо карарчу хенахь пачхьалкхера аравала бакъо йоцуш висина. Коммуналан декхарш а, банкан кредиташ а, диттина гIуданаш а дIатакхаза хиларна республикерчу кхелан пурстоьпийн урхалло ханна дозанаш диттина церан дIасабахарна.

Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана хьо декхар велахь, Оьрсийчуьра аравала ца магадо. Нагахь алименташ дIа ца делла я цхьаьннан могушаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина ахча 10 эзар соьме кхочуш делахь а туху дозанаш.

Iорадаьхначу терахьашца, банкан кредиташ бахьана долуш дозанал аравала йиш йоцуш ву Нохчийчохь 5 эзар стаг.

Цхьа эзар сов ву коммуналан ял гулъелларг, алименташ а, кхидолу гIуданаш а такха дезаш ву 114 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG