ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанехь репосташ ярна зуламан жоьпалла тIедожор юхаэцар доьху депутаташа


Социалан машанехь репост йина аьлла, чуйоьллина Чудновец Евгения дIахецар доьхуш хIоттийна пикет
Социалан машанехь репост йина аьлла, чуйоьллина Чудновец Евгения дIахецар доьхуш хIоттийна пикет

Интернетехь репосташ ярна зуламан жоьпалла тIедожор юхаэцар доьхуш пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийна аьлла, документ зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан лахарчу палатан парламенто. Цуьнан авторшна Шаргунов Сергейна а, Журавлев Алексейна а хетарехь, керланаш, хаамаш социалан машанашкахь баржоро юкъараллана кхи доккха зен дойла яц, цундела зуламдар цунах олийла дац.

Репосташ ярна депутаташа 10 эзарна тIера 20 эзар соьме кхаччалц гIуданаш деттар, я 100 сахьтехь пачхьалкхана белхаш байтар, я 15 де-буьйса даккха чохь сацор хьоьху.

Иштта депутаташа доьху Зуламан кодексан 282-чу артикл тIехь а хийцамаш бар. "Нагахь зулам тIехь ницкъбеш, я кхерамаш а туьйсуш динехь" тIаккха зуламан жоьпалла тIедожош, хийцамаш бар хьоьху цара. 282-чу артикло 6 шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш тоха магадо.

ТIаьххьарчу заманчохь оцу артиклца а догIуш, социалан машанашкахь лайкаш хIитторна а, репосташ ярна а жоьпалле озийна бIе стаг, ткъа церан терахь денна кхуьуш догIу.

2012-чу шарахь 130 стагна кхел йина, 2017-чу шарахь бехк хьарчийра 461 вахархочух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG