ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан омбудсмен Киеве яхана


Оьрсийчоьнан президентан цIарах адамийн бакъонаш ларъян векал йина Москалькова Татьяна Киеве кхаьчна. "Укринформ" агенталлан хаамашца, шинаридийнахь иза цхьанакхета езаш яра Киевехь дезертир ву аьлла, кхел йинчу украинхойн хиллачу эскархочуьнца Одинцов Максимца.

Украинан Iедалхоша пачхьалкхана ямарт ваьлла аьлла, бехкевинчу "Керланаш Украина" агенталлан коьртачу редакторна Вышинский Кириллна тIехIотта дагахь яц Москалькова.

Оцу юкъанна омбудсмен цхьанакхета Iалашо йолуш ю оьрсийн "Норд" траулеран экипажца цхьанакхета, яздо "Украинан правда" хьостано. ТАСС агенталло хаамбарца, Украинан дозанхоша чу ца витина бакъонашларъярхо Киеве яр Iорадаккха лерина оьрсийн журналист Примаков Евгений.

Дезертир хилла а, пачхьалкхана ямартбевлла украинхойн хилла эскархой Баранов Александр а, Одинцов Максим а хийца тарло режиссерца Сенцов Олегца а, журналистца Сущенко Романца а аьлла, информаци яьржира кху Iай.

Дахначу кIиранах Iораделира, Москальковас а, Украинан омбудсмено Денисова Людмилас а дийцаредарх, шина пачхьалкхан территори тIехь лаьцна латточу 34 тутмакхах лаьттачу тептарх.

Марсхьокху-бутт тIекхачале цаьрца цхьанакхета дагахь а яра и шиъ. ТIаьхьо шина а агIоно бехкаш дехкира вовшашна тIе, барт кхочуш бан ца лаарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG