Несарарчу политехникан колледжна уллохь герзаш диттина, ши стаг лазийна зуламхо лоьхуш ву, хаамбо мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. ШолгIачу версица, колледжан студенташлахь иккхина конфликт.
Маршо Радионо яздира оршотдийнахь, Несарарчу колледжна уллохь герзаш диттина, шина стагна чевнаш йина аьлла. Политехникан колледжна гена доццучехь дийнахб 11 сахьт долучу хенахь иккхинера и инцидент.
Доьшийлан хьосташа а, чоьхаьрчу гIуллакхийн министраллан векалша а кеп-кепара дуьйцу хиллачух.
Юкъаметтигаш къасточу заманчохь травматикан герзаш диттина шина кIанта вовшашна тIе. Несарарчу клиникан дарбан цIийне вигина и шиъ аьлла, хаамбина колледжан белхахочо "Кавказан узел" агенталле.
Дарбан хIусаман белхахочо лазийнарш дикачу хьолехь бу, церан дахарна кхераме хIуммаъ дац, кIедачу дилхах герзаш кхетарна аьлла.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, цу шина кIантана герз а тоьхна, машенахь къайлавала аьтто хилла зуламхойн. ТIелеттарш боллучу ницкъашца лоьхуш ду шаьш аьлла, тIе а тухуш.
РЕН-ТВ-н хьосташа дийцарехь, шина доьзална юкъахь дов лаьтташ хилла дукха хенахь дуьйнна. Машен тIехь, туьтмIаьжгашца шайн яххьаш къевлина, колледжна герга веанчу шина стага герз тоьхна гIишлочуьра араволучу цхьанна, шолгIачунна ларамза кхетта ду герз.