Шеман Къилба-Малхбузехь тIаьххьарчу деношкахь марсабуьйлучу тIамех уьдучу 45 эзар стага дIатесна шайн хIусамаш. ООН-о далийна и терахьаш. ГIаттамхоша дIалецначу кIошташна тIелатарш до шемахойн президентан Асадан эскарша. Ярташкахь бомбанаш еттарх а баьржа хаамаш.
Тергамчаша бахарехь, Оьрсийчоьнан авиаци а цхьана ю тохаршкахь дакъа лоцуш. Урдунца долчу дозане дIагIоьртина кIошташкара мухIажирш. Шемара масех бIе эзар стаг шаьш тIелаьцна, цундела таро яц шайн кхи дIа нахана тховкIелонаш яла бохуш, дIахьедо оцу пачхьалкхан Iедалша.
Дераа провинцеррчу масийтта кIошташкара гIаттамхой арабаха ницкъ тоьъна Асадан эскарийн, Шеман пачхьалкхан зорбанаша бечу хаамашца. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа кхайкхамбо Демаьшке а, Москохе а, тIелетарш сацаде бохуш. ГIаттамхошца шаьш тIеман гIирсашца гIо латториг цахиларх а дIахаийтина Iамерко.
Масийтта шерашкахь шайн долара евлла цхьа могIа территореш дIалаьцна тIаьххьарчу беттанашкахь Шеман эскаро. ГIаттамхошкахь юьсуш ю Къилбаседанера Идлиб провинци а, карарчу хенахь тIемаш боьлху Урдунца дозанехь долу цхьа дакъа а, иштта Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн гIоьнца Шеман демократин ницкъаша Iуналла деш лаьтта Къилбаседа- Малхбалера кIошташ а.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?