ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь зуда йина нохчо велла дIаваллалц набахте воьллина


Стохка гурахь Тиргартен паркехь 60 шо долу Сюзанна Ф. ерна Берлинан кхело велла дIаваллалц чохь яккха хан тоьхна Нохчийчуьра схьаваьллачу 18 шо долчу Илесана.

Стохка Гезгамашин-баттахь шен доттагIашца самукъа а даьккхина, цIа йогIучу зудчунна дуьхьал ваьллачу жимчу стага садукъийна йийнера иза, цуьнгара телефон а, 2 евро ахча чохь долу тIормиг а боккхуш. Иштта Сюзаннин пIелгара мухIар а даьккхинера цо.

Шен хIусамнана цIа ян хьеелча, полици орца даьккхинера цIийндас. Жимма хан яьлча Полшехь хааеллера зудчуьнгара яьккхина телефон. Цигарчу полисхошца цхьана болх а беш, каро аьтто белира зуламхо.

"ТIемашкахь ваьхна, психикана тIеIаткъам хилла ву Илес" бохуш, кIелхьара ваккха гIоьртира кIентан адвокаташ. Оцу бахьанашца, жимчу стагна мел дукха а 15 шо бен хан тухур яцара набахтехь яккха, нагахь ша дикачу агIор гайтахь, хан 9 шаре охьа а йоккхуш.

Йийначу зудчун хIусамда реза вацара. "Шена тоьхна хан яьккхина маьршавер ву иза шен 27 шо кхаьчча, кхи дIа дуьне даа. Ас хIун дан деза? Вийнарг юха ца вогIу. Кхелан процесс йоьдучу хIокху 11 кIиранчохь динчунна цкъа ша дохковалар ца гайти цо. Чуьра са дIадаллац легаш Iийдина цо сан зудчун. Ша дийриг хIун ду а хууш, кхетамчохь дина зулам ду и. Велла дIаваллалц чохь хан яккха еза цо", - аьлла, кхелахошка дIахьединера майрчо.

Цунна тIе а тайна, кхело велла дIаваллалц набахте хьажийна Илес.

XS
SM
MD
LG