Москохарчу орцан министраллан белхахошна тIелатар дина аьлла, лаьцна латтийначу Цетиев Хьусайна Европан кхеле чуделлачу арзна жоп делла, еххачу ханна чохь латтийна, цуьнан маьршо хьаьшна хилар тIе а чIагIдеш.
Маршо Радионо яздира, Ражапов Хьамид а, вежарий ЦетиевгIар Сайд-Мохьмад а, Хьусайн а 2014-чу шарахь Гезгмашин-баттахь лацарх. Талламхоша дийцарехь, цара, травматикан тапча а кхуьссуш, тIелатар динера Москох кIоштарчу Внуково олучу меттехь орцан министраллан белхахошна. Лаьцначийн адвокаташа дIахьедора, церан массеран а алиби хиларх а, хIиттийначу видеокамераша дIа а яздина. Кхело масийттазза дIаяхйора уьш чохь буьтуш хенаш, ткъа Цетиев Сайд-Мохьмад шен цIахь латтош вара, дIасавалар а дихкина.
Стохка аьхка кхело царна дуьхьал айдина гIуллакх прокуроре юха а хьажош, Ражапов Хьамид а, Цетиев Хьусайн а маьршаваьккхира.
Европан кхеле Цетиев Хьусайна кховдийначу искна жоп делла аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле адвокато Окушко Татьянас. Ша дIалацарх протокол 16 сахьт даьллачул тIаьхьа бен хIоттийна цахиларх, низамца доцуш ша лацарх, шина шарахь сов бехк боцуш ша чохь валлорах а дара Цетиевс далхийнарг. Кхело бакъдина цуьнан бакъонаш хьешна хилар. Мел компенсаци кхачийна Цетиевна, адвокато ца дийцина.
"Европан кхелан сацаман бух тIехь Оьрсийчоьнан Iедалхошна компенсаци тIейожо лерина ду тхо", - аьлла адвокато.