ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн тоба эшарна Нохчийчоьнан Iедалхой бехке буй толлуш бу Мисарара депутаташ


Мисарарчу спортан а, кегийрхойн гIуллакхашкахула а йолчу парламентан комитето толлуш ду, дуьненан чемпионатехь шайн футболан тоба эшар, цо Нохчийчохь куп тохар ду я дац. Шайн тоба эшна йисарна догдоьхна бу комитетан белхахой, яздо РБК-с Al Arabiya канална тIе а тевжаш.

Чемпионат юкъара шайн команда яларна жоьпалла депутаташа церан тренерна Купер Экторна а, футболхошна а, Мисаран футболан ассоциацина а тIехь дуьту. Тобано ледара жамIаш гайтаран бахьанаш таллархьама парламентхой комисси вовшахтухуш бу. Къасто гIерта уьш, хIунда дIатарйира шайн тоба Соьлжа-ГIалахь, шайн къийсархошца цхьанакхета дезачу стадионна геннахь.

Иштта Мисаран Iедалхой къасто гIерта, шайн тоба дIатаръеллачу хьешан цIийне стенна чубуьтура цигахь хила бакъо йоцу нах. Иштта хьаькамашна интересе ду, юкъахь бина цхьа а барт боцуш, Салахь Мухьаммадан имиджах Нохчийчохь пайда стенна оьцуш хилла.

Толлуш ду, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Салахьна республикан хьакъволу вахархо цIе ялар, бакъонца догIий а.

Британин зорбанаша а бехкаш дехира "Ливерпулехь" ловзучу Салахьера, цо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца лелийна юкъаметтигаш бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG