ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нидерландехь доьхкуш ду никъаб а, паранджа а лелор


Нидерландехь дехка дагахь бу паранджа а, никъаб а лелор. Пачхьалкхан парламентан хьалхарчу палатано шаьш реза ду аьлла, кхаж тесна, нахана юкъахь юьхь лачкъо духарш ца леладайта. Керлачу низамца а догIуш, транспорт тIехь, школашкахь, дарбан хIусамашкахь, пачхьалкхан хьукматашкахь а мегар дац паранджа а, никъаб а, кхоллар а лелор. Низам хьаьшначунна 400 евро гIуда тухур долуш ду.

Дийцарехь, низам болхбан долалур ду тIедогIучу шеран юьххьехь. Немцойн DPA агенталлан зерашца, Нидерландашкахь 400 гергга бусулба зуда ю юьхь хьулйина лелаш.

Байначу баттахь никъаб, паранджа а, бурку а йихкира Данин парламенто а. Цул хьалха яххьаш лечкъо духарш ца магийра Австрин, Белгин, Францин, цхьайолчу Швейцарин а, Испанин а, Канадерчу Квебекан а кIошташкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG