ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хельсинкехь цхьанакхета дагахь ву Трамп а, Путин а


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президенташ цхьанакхета тарло карабогIучу беттан 15-чохь Хельсинкехь. Reuters агенталло бо и хаам, Iамеркан администрацерчу хьостанна тIе а тевжаш. Хьалхо дIахьедора, Трамп Доналд а, Путин Владимир а карабогIучу баттхаь Венехь вовшахкхета дагахь ву аьлла. Официалехь гIарадаккхаза ду, маца, стенгахь цхьанакхетар ву и шиъ.

Кхааридийнахь Москох кхочуш ву Iамеркан президентан къоман кхерамзаллехула волу хьехамча Болтон Джон. Шина лидеран цхьанакхетарх дийцаредийр ду цо цигахь.

Politico гIирсо билгалдаккхарца, Оьрсийчоьнна гена яц Хельсинки, цундела Путинан аьтто хир бу дуьненан футболан чемпионатан финалан матче хьажа юхаван а.

Дуьненаюкъара саммиташ йоьдучу заманчохь кулуарашкахь шозза гар нисделла Трамп Доналдан а, Путин Владимиран а, иштта 8-зза телефоннехула къамелаш дина а ву и шиъ.

2014-чу шарахь Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси йичхьана шаьшшиъ цхьанакхетта вацара шина пачхьалкхан президент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG