ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь леллачу зудчунна бархI шо хан тоьхна


Шемарчу даIишхойх дIаийначу шен цIийндена тIаьхьаяхначу Нохчийчуьрчу яхархочунна бархI шо хан тоьхна меттигерчу кхело, амма и хан такха дезар ду цуьнан, шен доьзалхочун 14 шо кхаьчначул тIаьхьа, хаамбо республикерчу прокуратуран векало.

"Кхечу пачхьалкхан дозан тIехь гIаттамхойх дIакхетта хиллачу Соьлжа-ГIаларчу Хаджиева Залинина кху деношкахь Старопромыслан кIоштан кхело набахтехь даккха 8 шо туьйхи. Оцу зудчун кегий бераш хиларца кхел кхочушъяран гIуллакх цхьана ханна дIатеттина, жимахволчу кIентан 14 шо дуззалц", - аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталле прокуратуран векало.

Кхело даредарца, 2013-чу шарахь Шема дIавахначу шен хIусамден дехарца Туркойчу дехьаелира Хаджиева, цул тIаьхьа Шемахь волчу шен майрчух дIа а кхеташ. Кхелахоша чIагIдарца, Иракъерчу а, Шемарчу а тобанашлахь лаьттина и зуда.

ХIусамда вийначул тIаьхьа, шен кхаа бераца даймахка юхайирзира Хаджиева, дийцина прокуратуран белхахочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG