ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мехкан бюджетера 34 миллион сом дойур ду Кадыровн резиденцехь


"Яндекс. Карта" тIера Нохчийчоьнан куьйгалхочун резиденци

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан резиденцехь ораматаш, бай тобан республикан бюджетера 33 889 миллион гергга сом хьажо дагахь бу. Пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайт тIехь ю цу хьокъехь информаци.

Лот тIехь билгалдаккхарца, "оцу ахчанах Нохчийчуьра Рубежная, Тбилисская урамашкахь а, Соьлжа хийистехь а бай а, ораматаш а цIена латтош, белхаш дIахьур бу". Цу адресца ю куьйгалхочун резиденци.

КарабогIучу беттан 9-чохь дIахьош ю аукцион. Кадыровн резиденцехь белхаш бан бакъо яьккхинчо карара шо чекхдалале контрактна куьйгаш яздийр ду, болх тIелоцуш.

Организацино цIанйийр ю резиденцин майда нехех, Iалашйийр ю бешмайда а, зезагаш а.

XS
SM
MD
LG