ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисаран футболан тобан тренер дIаваьккхина


2018-чу шеран дуьненан чемпионат бахьанехь Мисарарчу футболан Федерацино кхи дIа дах ца до къоман футболан тобан коьртачу тренерца Купер Экторца контракт. BBC-но бина и хаам.

62 шаре ваьллачу Аргентинерчу Куперна а, цуьнан тренерийн штабна а баркалла аьлла Федерацино футболхошца бинчу балхана.

Шинаридийнахь хаамашкахь даьржира, Мисарарчу хьаькамаша шайн тоба эшар, команда Нохчийчохь дIатаръяр ду аьлла, бохуш. Цара чIагIдарехь, футболхой Соьлжа-ГIалахь болчу заманчохь церан раж ларйина ца хилла. Мисаран тобанан дуьненан чемпионатехь цхьа балл яккха а аьтто ца баьлла.

"Фараонаш" Оьрсийчоьнан тобанца хиллачу матчехь эшча, информаци яьржира хаамийн гIирсашкахь, Мисарахь тренерна Куперна реза бац аьлла. Дуьйцург дара, тренеро дарж охьадилла деза бохург.

2015-чу шарахь дуьйнна Мисаран тобан тренер лаьттира Купер. И бахьанехь африкахойн къаьмнийн Кубкан финале бевллера "фараонаш", иштта тIаьххьарчу 28 шарахь дуьххьара дуьненан чемпионатан финале а кхаьчнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG