ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: тхан мостагIаша долийна эладита ду, Салахь Мухьаммад со бахьанехь тобана юкъара волу бохург


Салахь Мухьаммад ша бахьанехь Мисаран тобана юкъара вала тарло бохуш, яьржинчу информацех вистхилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. 2018-чу шеран дуьненан чемпионат йоьдучу муьрехь Соьлжа-ГIалахь дIатаръеллера Мисарара команда.

"Оха ларамца тIеийцира Мисарара тоба. Цхьана а кепара баккха бехк бац, мелхо а массо а воккхавуьйш, баркаллаш бохуш хуьлура. Рамзан Ахматович бахьанехь Салахь Мухьаммад тобана юкъара вала гIерта бохуш, дуьйцуш ду. Тхан мостагIаша долийна эладитанаш ду уьш", - аьлла Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG