ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратовхь летта Гуьмсера жимстаг лоьху полисхоша


Оршотдийнахь Саратов гIалин новкъахь хилла латтар толлу полисхоша. Регионан прокуратуран пресс-гIуллакххоша бина и хаам. Цара бахарехь, Октябрьская урамехь 24 шо долчу "Хендэ" машенан долахочо ВАЗ 2114 автомобилан шоферна йиттина. Оцу зуламан хьокъехь гIуллакх схьадиллина полисхоша. Инцидентан шина а декъахочун цIераш евзина полисхошна.

Прокуратуран векалша "СарИнформ" гIирсе бинчу хаамца, 24 шо долу Iедалх лечкъаш лела жимстаг Гуьмса кIоштара ву. Лехамашка велла иза полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG