ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен цIийнда дIахецар доьху Кадыровга Набережные Челны гIаларчу яхархочо


Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь бехк-гунахь доцуш латто шен цIийнда, топ-менеджер Реутов Алексей дIахецар доьхуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане кехат яздина Набережные Челны гIаларчу яхархочо Реутова Ксенияс.

Цуьнан майра бехкево шен даржах пайда а оьцуш, хьарамлонаш лелорна. ТIаьххьарчу заманчохь Курганехь вехаш вара иза, цундела аьтто ца хиллера цуьнан Соьлжа-ГIаларчу кхелахошна тIекхача. Оцу бахьанашца бехкзуламан гIуллакхна юккъевоьллина иза, Реутовн герарчара бахарехь.

"Камазцентр" юкъараллан урхалла деш хилла иза Нохчийчохь хьалхо. Бехкевечун хIусамнана тешна ю, Кадыров юкъа а гIоьртина, гIуллакхах цхьа йист ер ю аьлла.

"Новосибирскерчу лоьмар 7 йолчу полицин декъо лаьцнера сан цIийнда, цара тIе ма кхайккхи, тIевеана волу. Ткъа кху беттан 7-чохь Соьлжа-ГIалара конвой а еана, цара дIавигина ву иза Нохчийчу. Алексей цхьаннах а лечкъаш вацара, талламхоша телефон тоьхча, жоп а лора, ша волу меттиг хьулйина а вацара", - бохуш, яздо Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Реутова Ксенияс.

Зудчо хааме даьккхина, "Камазцентран" директор волчу хенахь даьккхинчу декхаро цунах закъалтхо вина хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG