ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Студент юхаметтахIоттош кхаъ эцнарг кхеле хIоттийна


Нохчийчуьрчу студенто 140 эзар сом кхаъ белла, ша колледже деша юхаметтахIотторна. Аьрга-Хишкан аграран а, техникан колледжан Хьалха-Мартанарчу декъан куьйгалхочуьнга дIаделла дешархочо ахча.

КIоштан кхело бехк тIечIагIбеш, куьйгяздина, бехкзуламан гIуллакх долийна кхаъ эцначу Д.Iумар-Хьаьжина дуьхьал.

Талламчийн версица, кху шеран Охан-беттан 17-чохь, Хьалха-Мартанарчу колледжан куьйгаллехь хиллачу цо, хьалхо доьшийлера дIаяьккхина йоI юхаметтахIоттош 140 эзар сом эцна. Бехкзуламан гIуллакх кхи дIа листа Хьалха-Мартанан кхеле дIахьажийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG