ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIаьрса дайначийн бюджетера ахча диина куьйгалхо гучуяьлла


Республикерчу лерина бIаьрзечу нахана йиллинчу библиотекан хиллачу куьйгалхочунна дуьхьал гIуллакх долийна, курхаллаш лелорна. Талламчийн версица, 2016-чу шарахь шен даржах пайда а оьцуш, бюджетан ахча шен кисана диллархьама, цо куьйгяздина хилла цхьана бизнесхочуьнца, 360 эзар соьмана библиотекана оьшу йийбар эца.

Цул тIаьхьа, шеконашкахь йолчу зудчо кехаташ тIехь 360 эзар соьмана эцна аьлла яздина, ткъа йийбарх цуьнан даьлларг ду 191 эзар сом. Дисина ахча шен хьашташна доьхкина хилла куьйгалхочо.

ГIуллакх кхачо йоллуш кхастийна даьлла дац хIинца а, талламаш дIахьош бу.

XS
SM
MD
LG