ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан бакъонашларъярхочунна Оьрсийчоьно ца гойту Сенцов


Ямало-Ненецкан округан Лабытнанги гIала кхаьчна Украинан омбудсмен Денисова Людмила лаьцна украинхойн режиссер Сенцов Олег ган яхана. Фейсбукерчу шен пена тIехь бина и хаам бакъонашларъярхочо. Цо бахарехь, иштта Сенцовца цхьанакхета лаам болчу Оьрсийчоьнан президентан цIарах бакъонаш ларъян векал йинчу Москалькова Татьяница цхьана кеманчохь яхана иза. Денисовас бахарехь, цуьнца машена хаа дуьхьалъяьлла Москалькова.

Оьрсийн омбудсменан векало Зловедов Алексейс дIахьедина, Украинерчу Лакхарчу Радано векал йинчу бакъонашларъярхочо Оьрсийчоьнца дийцаредина ца хилла, ша Сенцовх кхета лууш хилар.

"Сенцовна тIебоьду некъ бихкина Денисовна. Хетарехь, Оьрсийчоь кхоьруш ю, Сенцов дуьненна гайта", - аьлла Фейсбукехь журналисто Цимбалюк Романа.

Карара бутт юккъе баьллачу хенахь Денисова еанера Лабытнанги, хIетахь а колонин куьйгалло бакъо ца елира цунна Сенцов ган. Пурба ца делира я видеозIе дIатаса а. Оьрсийчоьно 20 шарна набахте хьажийна Сенцов Олег, аннекси йинчу ГIирмехь теракташ кечдеш хилла аьлла, бехке а вина.

Стигалкъекъа-беттан 14-чохь мацалла кхайкхийра Сенцовс, оьрсийн набахтешкара Украинан политикан тутмакхаш дIахецар тIе а дожош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG