ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маларш духкуш реклама ен сайташ дIакъовлар дехна Устрада-ГIалин прокуратурано


Кхиазхойн могушаллина а, церан синан, оьздангаллин кхетош-кхиорна тIеIаткъамбечу материалашна тIе доьлху некъаш дехка декхаребе интернет-провайдерш аьлла, Устрада-ГIалин прокуратурано иск кховдийна кхеле. Доккхачу декъанна, "Интернет" машано мониторинг ечу заманчохь гучуевлла алкоголан продукци йохкарна реклама ен материалаш.

"Берийн кхиарна а, церан могушаллина а зен дечу информацех ларадар" аьллачу федералан низамца а догIуш, Оьрсийчохь цу кепара материалаш кхиазхошлахь яржор дихкина ду.

18 шо кхачазчу кхиазхочунна кхаьркъа доьхкинчунна Оьрсийчоьнан низамаша административан а, зуламан а жоьпалла тIедожадо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG