ГIаттамхойн карахь йолчу Дераа провинцерчу кIошташкахь кеманца тохарш дина вийна 46 стаг, шайлахь кегий бераш а долуш, хаамбо Шеман адамийн бакъонашна мониторинг ечу центро.
Рейтер агенталло дийцарехь, тIаьххьарчу деношкахь пачхьалкхан тIеман кеманаша тохарш дора Шеман Къилба Малхбузехь. Оьрсийчоьно чIагIонаш йо, Асадан эскарша а, церан агIончаша а маслаIатан барт бохош бац, террорхошца къийсам бу шаьш латтош бохуш.
КIирандийнахь Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIакхайкхийра, Шеман Къилба Малхбузерчу 11 ярташкара оппозици Асадехьа яьлла аьлла.
Бусра аль-Хари гIали чу дахна Асадан эскарш аьлла, хаамаш баьржира социалан машанашкахь кIирандийнахь.