ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КарабогIучу беттан 16-чу дийнахь Хельсинкехь хир ду Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а цхьанакхетар. Reuters агенталло яржийна и информаци, Кремлан зорбанчийн хаамашна тIе а тевжаш.

Долчу хьолах а, Iамеркан а, Оьрсийчоьнан хиндолчух а, иштта дуьненаюкъарчу проблемех а дийцарш дIахьур ду шина лидеро аьлла Кремлехь.

Цхьаболчу Iамеркан агIончийн сингаттам гIатто а, Трампан критикийн дера оьгIазло меттахъяккха а тарлу саммит дIаяхьа бартбина Москоха а, Вашингтоно а кхааридийнахь.

XS
SM
MD
LG