ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кхел йина Клых психиатрин цIийне дехьаваьккхина


Психиатрин цIийне дехьаваьккхина Оьрсийчохь набахтехь хан токхуш волу политикан тутмакх Клых Станислав. "Факты" хьостано Iораяьккхина и информаци. Хьалхо Украинан омбудсмено Денисова Людмилас хаийтинера, Клых вочу хьолехь а ву, бозуш боцу я украинхойн, я кхечу пачхьалкхера говзанчаш кхайкха беза цунна тIе аьлла.

Клыхан нанас журналисташка дийцинера, тIаьххьара шен кIантаца хиллачу цхьанакхетарехь цуьнан адвокато тергойина хиларх, могушалла кхи тIе а телхина хиларан. "Тахана Клыхца къамел ца хилира сан, иза психиатрин хIусаме дехьаваккхарна", - аьлла, дIахьедо Клых Тамарас.

Карладоккху, стохка гурахь дуьйнна дихкинера Клыхна деца-ненаца гар. Кху аьхка мацалла кхайкхийра цо. Жаннашца а, дагца а бала хьоьгуш ву шен кIант аьллера нанас.

Клых а, Карпюк Николай а Оьрсийчохь лецира, ткъа 2016-чу шарахь Нохчийчохь тIемаш бина а ву, оьрсийн эскархой байина а ву аьлла, кхел йира цу шинна тIехь.

Бехкаш шиммо а тIе ца лецира, тIехь латточу Iазапашна тоха са а ца хилла, бехк тIелаьцнера шаьшиимо аьлла, дIахьедар динера шина украинхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG