ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Катаямера кхо эзар гергга вахархо хинан къоьлла ловш ву кху деношкахь. Старопромыслан кIоштарчу оцу эвлахь хи дIалакъийна кIирандийнахь дуьйнна, хаамбо меттигерчу вахархочо "Кавказан узел" агенталле.

"Туьканара хи оьцуш я гергарчаьргара кхоьхьуш хене дуьйлу тхо", - аьлла цо гIирсе. Iедалхоша машенашкахь хи ца доуьйту тхо дехачу меттиге, масех машенашкахь хи кхачо мегар ма дара. ТIом бирзинчу хенахь ма хуьлура таро. Арахь 40 гергга градус йовхо лаьтта, ткъа адам хи доцуш Iаш ду", - аьлла, далхийна Соьлжа-ГIаларчу Яхас а.

Хи дIасацийна оцу кIоштахь белхаш дIахьош хиларна аьлла, жоп делла "Кавказан узел" агенталлана "Водоканалан" белхахоша.

"Керла оьрнаш дохуш, хи тодеш болхаш бу оха беш, оцу бахьанашца гIалин юкъ-юкъахь хиш совцийна", - аьлла белхахочо.

XS
SM
MD
LG