ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодаран бахархой дуьхьал бу Соьлжа-ГIала боьду аьчкан некъ биллийта


Нохчийчьура Краснодаре боьду маса аьчкан некъ ца оьшу Кубанерчу бахархошна, ткъа пенси воьду хан дIаяхъйинчу кху хенахь пачхьалкхан ахчанах и некъ бойла а дац аьлла, "Кавказан узел" агенталло хеттарш динчу бахархоша.

Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2025-гIа шо тIедале Краснодарера Соьлжа-ГIала вало керла аьчкан некъан магистрлаь ян ахча дехарх. Экспертийн зерашца, 1, 2 триллион сов сом дала тарло цу некъах.

Анапехь садоIуш волчу Краснодарерчу вахархочо Сечин Максима аьлла агенталле: "Стенна оьшу Соьлжа-ГIала кхача маса некъ? Сан-м бац цига ваха лаам а. Цул а тоьлу Соче боьду некъ бича. Сочехь дуьненан чемпионат йоьдучу заманчохь вахара со цу гIала - 8 сахьт цхьана агIор, 300 километар бен некъ а бац. ГIоле хета суна Соче маса дIакхачо некъ биллар".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG